Решаем вместе
Не убран снег, яма на дороге, не горит фонарь? Столкнулись с проблемой — сообщите о ней!

Материалы

Нохчийн маттах дош олуш д1адехьира Шуьйта к1оштахь, цу Денна лерина долу цхьаьнакхетар

     Кхаарин дийнахь, 24-чу апрелехь, Шуьйта к1оштан администраци хьалхарчу майданахь д1адехьира Нохчийн меттан денна лерина цхьанакхетар. 

     Цу мехалчу цхьанакхетарехь дакъалаца баьхкинера районан администрацин куьйгалхо Шах1идан Шадид, НР-н Парламентан депутат Джебиран  1ела, яздархо Х1овкин Абу, к1оштара къанойн кхеташонан куьйгалхо Сайдуллин  1адрахьман, ишшта кхиболу хьеший а, ярташкара бахархой а.

 

         - Нохчийн мотт - вайн дахаран хазна ю,- элира шен вистхиларехь Шах1идан Шадида. Мотт д1абаьлча, къам д1адолу, ткъа къам д1адаьлча вай кху махкахь дан х1ума а дац. Вайна ма хаара, кхин денбала ца буьтуш, чехош лелийна вайн мотт советийн заманахь а, цул хьалха а. Дала мукъалахь, вайн мотт лийр бац вай дийна мел ду. Цунна масал ду вай тахана цу денна лерина х1ара мероприяти доггах кечйина д1ахьош хилар а. Б1ешерашкахь вайн дайша лелийна, лерина лардина вайга схьакховдийна къоман г1иллакхаш кхолладелла ненан маттаца. Дуьххьара вайна и мотт бовзийтинарг ю Нана. Цундела бу вай массарна а и хьоме, мерза, вешан х1ораннан  нана санна. Ненан маттах вай херделча г1иллакхех херло, г1иллакхех херделча, бусалба динах херло. Т1аккха дин а, мотт а боцу «манкурташ» хуьлу вайх, «со», «ас» ала йиш йоцу. Цунна сагатдеш арадаьккхина ду Нохчийн Республикан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен куьг яздарца Указ - Нохчийн меттан де, аьлла билгалдоккхуш, вайга и 1алашбайта, цунах пайдаэцийта, цуьнан сий-пусар дайта. Дела реза хуьлда цунна! Дала мукъалахь, вай иза лорур а бу, цуьнан сий а дийр ду. Дукхахьолехь вайгара масал оьцу вайн бераша. Нохчийн Республикан Конституци т1ехь билгалдаьккхина ду нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а, цхьатерра бакъонаш а йолуш, пачхьалкхан мотт бу,  аьлла. Стага, шен къоман мотт и безаш а велахь,   лоруш а велахь, шен мотт бийца хууш  а велахь,  шен къам ша ларар а,  цу къоман яхь йолуш волу стаг ша хилар а гойту. Нохчийн меттан говзанча вара Нохчийн Республикан хьалхара Паччахь, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобал дойла цуьнан). Цунна и ч1ог1а а безара, цо и бийца а бийцара, ладог1а дог а доуьйтуш, к1орггера кхета а веш. Нохчийн мотт а буьйцуш, кхетийра цо вайн нохчийн къам т1еман къизачу шерашкахь, нийса некъ вайн къомана гойтуш. Дала ваьшна белла и аьхна, хаза ненан мотт ларбан а, цуьнан сий дан а, ницкъ, собар а тоьийла вайн. Дала декъалдойла шу Нохчийн меттан денца!

         Иштта ненан маттах хаза, довха дешнаш элира шайн бистхиларехь кхечара а.

     Цул т1аьхьа гулбеллачеран йиш хилира, цу денна лерина администрацин куьйгалло д1адолорца кечйинчу конкурсе хьовса. Билгаляьккхина яра кхоъ номинаци: шира кепехь йина х1усам, кечбина нохчийн кхача, иштта шира белхан коьчал а. Ала деза, к1оштан бахархоша   даггара кечам барца гайтира шаьш бина болх. Оцу г1уллакхана мах хадон лерина билгалбаьхна бара мах хадорхой. Массеран а барт хиларца билгалбехира толамхой, совг1аташ дарца. Делахь а, хьалхара-т1ехьара доцуш, массара а дика кечам бинера.

     Конкурс ерзош районан куьйгалхочо Шах1идан  Шадида баркалла элира цу декъехь къа мел хьегначунна. Цул т1аьхьа нохчийн хелхарш а деш, ненан маттах байташ а олуш, нохчийн кхачанах чам а боккхуш, дерзийра и мехала цхьаьнакхетар. Дала т1аьхье беркате йойла вайн! Вешан ненан мотт лара а, кхи д1а кхион а, хьекъал а, доьналла а лойла вайна везчу Дала!

 

 


Пресс-служба администрации Шатойского муниципального района.



ГОСУСЛУГИ Правительство

Lezbiyen

Ensest

Zenci porno

Mature

Zenci

Asyalı

Powered by Joomla!®. Valid XHTML and CSS.